Project:Transadmin/ce
Translation administrators (list of members) аьтто бо гочдан кечйина агӀонаш хӀокху сайтан тӀе йахьийта. И бакъо Administrators (list of members) бен ца ло хьалха хиллачу зеделларг долчу гочдархошна.
Гочдаршка дӀакхачийна агӀонаш хьалха теллина хила йеза, ткъа гочдаран администраторша цхьацца къахьега деза хӀора дӀакхачийна агӀо лаххара а цхьана матте гочйан гӀерташ, интерфейсехь церан гочйан йиш хилар зуьйш. Иштта уьш хьажа беза хаамийн гочдан йиш йоцу дакъош меттиган хийцамашкахь дӀахӀитто, ларбала беза «цуьрг хаамаш» кхолларх, цхьацца синтаксис йа дешнийн рогӀалла цхьана маттахь бен лелаш йац аьлла хеташ. Царна хаа деза тайп-тайпана меттан хьашташ грамматикин, терахьийн, доккхачу элпан, пунктуацин, меттан стилийн. Иштта цара гӀерта деза агӀонаш кечйан цхьанаэшшара терминологи а йолуш, гочдархошна оьшуш болу болх лахбан, цундела царна пайда хила йиш йу чуйиллинчу гочдаран иэсах, ницкъ ма-кхоччу йоца гочдаран дакъошца пайда а оьцуш, HTML/CSS деталаш а, аьтто балахь хӀиллане вики синтаксис а къайлайаккха.
И бакъо дӀайаккха йиш йу, нагахь санна бакъо нийса ца лелохь, масала, вуно вон кечам барца йа гочдархоша хӀинцале а дина тӀех дукха гочдарш дохорца, йа йуьхьанцара агӀонаш тӀехь хьалхатеттина хийцамаш нийса ца карлабахарца йа зедечу декъашхошца болх барца, харцонан чулацам гочбан йиш хилийтархьама, йа редакцин хьолехь администраторшна, дуьненаюкъара гочдаршца цхьаьнаболхбарца гочдархошна спам йар, тӀех сов йуьхьанцара агӀонаш тӀетохарца йа дӀайахарца, уьш хаддаза меттахӀитторца.
Гочдаран администратор хила, дехар до коьрта агӀо тӀе дӀайазло, тӀеэцале хьежа.
Кхин гӀоьнна хьажа Support.