Translating:Statistics/ce
Appearance
ХӀара хьажоргийн коллекци йу translatewiki.net сайтах лаьцна информаци а, статистика а.
Статистикийн хаамашна коьрта хьостанаш ду гочдаран шордаршна тӀера кхоъ леррина агӀо:
- Гочдар чекхдаккхаран проценташ меттанашца: Special:LanguageStats а, Special:MessageGroupStats а,
- Special:TranslationStats — универсалан графикин генератор йу хийцамийн дукхалла, жигара гочдархойн дукхалла, йа керла декъашхойн дукхалла. Иза дукха хьолахь лахахь дӀайазйинчу тайп-тайпанчу агӀонашна йукъа дӀайуьллу.
Меттанийн статистика
- ГӀоьналлин меттанийн могӀам, хӀора меттан гочдархойн цӀераш а йолуш.
- ГӀоьналлин меттанийн могӀам, дӀасакъаьстина тобанашца, гаьннашца, меттанийн доьзалшца.
- Гочдаран хьал массо а хаамийн тобанийн цхьана маттана.
Порталан агӀонаш тӀехь йу:
- Гочдархойн могӀам.
- И мотт буьйцучу гочдархойн карта.
- ТӀаьххьарчу гочдарийн графикаш а, уьш тӀечӀагӀдарш а.
- ХӀокху маттахь тӀаьххьара гочдарш хьажархьама хьажорг.
- Кхин а меттан хаамаш а, гочдархошна лерина ресурсаш а.
Порталийн могӀам хьажа йиш йу къаьстина категорехь.
Проектийн статистика
Проектийн гочдаран статистика карлайоккху шен хеннахь Special:MessageGroupStats агӀонан тӀехь. ХӀокху агӀонан тӀехь хьажа йиш йу хӀора маттахь гочдар чекхдаккхаран процент хаьржинчу проектана. ХӀора проектан агӀонан тӀехь карор ду:
- ХӀокху проектан тӀаьххьара гочдарш хьажархьама хьажорг.
- Статистика (проценташца) тӀаьххьара арайаьллачу продукцин (нагахь санна лелош йелахь) гочдар чекхдаккхарх лаьцна.
- Исторехь муьлххачу а дийнахь чекхдаьллачу гочдарийн процент.
- ТӀаьххьарчу гочдарийн графикаш а, уьш тӀечӀагӀдарш а.
- ХӀокху проектана гочдеш болчу гочдархойн карта, уьш болу меттигаш а гойтуш.
Проектийн могӀам каро йиш йу леррина агӀонна йа йогӀуш йолу категорин тӀехь.
Декъашхойн статистика
translatewiki.net статистика
- Коьрта статистика агӀонех а, хийцамех а, гӀоьнчех а лаьцна translatewiki.net сайтан тӀехь.
- Лелочу программах лаьцна информаци translatewiki.net сайтан тӀехь, карарчу хенахь йолчу программин версех лаьцна хаамаш а, авторийн бакъонаш а, хӀиттийна шордарш а, кхин дӀа а.