Jump to content

Project:Цуьнах лаьцна

From translatewiki.net
This page is a translated version of the page Project:About and the translation is 100% complete.

translatewiki.net — гочдархойн йукъаралла а, локализацин платформа а йу маьрша а, йиллина а опенсорс-проекташна. Сайт дӀайолайелира MediaWiki локализацин гӀоьналлин сайт санна, цул тӀаьхьа шорйелира MediaWiki шордаршна а, FreeCol ловзарна а, кхин а проекташна а гӀо дан. ГӀоьналлин проектийн буьззина могӀам карор ду Кхузахь.

translatewiki.net — йозуш йоцу йиллина проект йу. Гочдаран функционал ло MediaWiki шуьйрачу агӀоно «Translate». ХӀокху вики чохь даима экспериментан код йу, наггахь йоха а тарло. Дехар до, сатоха, муьлхха а проблема сиха дӀайолу. Хьан йиш йу комментареш йита «ГӀоьналла» агӀонан тӀехь.

ХӀунда лелайо translatewiki.net

  • Интернетехь уггаре а дика гочдаран гӀирс. Дерриге а локализацин карладаккхар деш ду аттачу веб-интерфейсехь, гочдархошна гӀо дан йиш йолуш нах а бу. Хьехарш леладо гочдар кхуллуш, цуо аьтто бо гочйеш йолчу текстан маьӀнех а, леларх а кхета, ткъа иштта гочдаран иэсах а, машенан гочдаран сервисашкара а варианташ кхийдайо.
  • Цхьа а леррина привилегеш ца оьшу, муьлххачу а стеган дакъалаца йиш йу. Маттахь дакъа лаца йиш йолчу муьлххачу а стеган (хьажа лахахь) гӀо дан йиш йу цу маттана локализаци кхолла.
  • Хийцамашна тӀаьхьакхиа атта ду. Гочбина боцу хаамаш атта карийна ца Ӏаш, хӀоразза а йуьхьанцара текст хийцалуш, Ӏаткъам хилла гочдарш билгалло йо, уьш къасто атта хилийта. Гочдархоша хан йайъа ца оьшу, хӀун дан деза таллам беш.

ТӀетоха хьайн программин проект translatewiki.net чу, нагахь иза хӀинцале а кхузахь йацахь.

Translatewiki.net сайтан тӀехь лелочу некъийн йукъара гайтам

  • translatewiki.net сайтан тӀехь гочдархоша гочйо программин латторан интерфейс, цу чохь ингалсан текстан могӀанаш кодех дӀа а къастийна, ша-ша «хаамашка» вовшахтоьхна.
  • Керла проект тӀетоьхча, цу чуьра ингалсан маттара оригиналан хаамаш а, иштта муьлхха а долуш долу гочдарш а схьаоьцу. Керла а, хийцина а ингалсан хаамаш дийнахь масийттазза чубохьу.
  • /qqq цӀе йолу бухара агӀонаш лелайо хаамаш бийца. И тайпа документаци куьйга йазйо, дукхахьолахь дика хуьлу проект кечдархойн командица зӀенаш дика мел хуьлу. Нагахь санна комментареш программин йуьхьанцара кодехь билгалйаьхна йелахь, уьш а гойту гочдаран интерфейсехь.
  • Гочдархоша хьехам бан йиш йу ингалсан маттахь хьалхара хаамаш тобарехь а, нисбарехь а, уьш локализаци йан нисбарехь а. Нагахь санна барт хилахь, нисдарш до translatewiki.net декъашхоша, уьш а бу йогӀу проекташ кечдархой, йа кховдадо проекташ кечдархошна.
  • Цхьана матте гочдинчу хаамийн барам билгалйинчу проектан барамал сов ма-баьллинехь, translatewiki.net белхахоша кхочушдо «коммит» (версин урхаллин системе йаздар) олуш долу гӀуллакх оцу гочдаршна. Проекташ карлайахаран порогах а, кесталлах а лаьцна хаамаш хьажа цунах йогӀуш йолчу проектийн агӀонаш тӀе.
  • Гочдарийн керла версеш йолу программаш арахецар цу программийн кечдархойн декхар ду; хаттар translatewiki.net сайтан компетенцехь дац.

Авторийн бакъонаш а, жоьпалла тӀецалацар а

TRANSLATEWIKI.NET БАКЪДЕРГ ДУ АЬЛЛА ГАРАНТИ ЦА ЛО

Хьайн кхерамца леладе translatewiki.net гочдарш. Гочдарш пайде хила тарло, амма translatewiki.net гарантии йан йиш йац церан нийса хиларна.

translatewiki.net проекто а, цуьнан редакторша а цхьа а гарантии ца ло чулацамах лаьцна, хуьлийла иза дагахь йа дӀайаздина законца, цу йукъахь, амма доза доцуш, муьлхха а гарантеш йохка-эцаран йа цхьана Ӏалашонна догӀуш хиларан, гарантеш ло проектехь йолу материалаш гӀалаташ доцуш хир йу аьлла.

Гочдарш дан йиш йу CC-BY 3.0 лицензица, ткъа схьабевлла белхаш а хила тарло лицензица догӀуш долу йиллина кодан проектийн лицензица, царна лерина гочдарш дина. Декъашхочун агӀонаш тӀера чулацам «Массо а бакъонаш ларйина йу авторан» дехкарца. Кхин берриг чулацам CC-BY 3.0 лицензица лело йиш йу, кхечу кепара билгалдаьккхина дацахь.

Истори

translatewiki.net проект йолайелла 2006 шарахь Nike (Никлас Лакстр) Gangleri цхьаьна лелош йолу тестан вики санна, MediaWiki программаш интернационализацин а, локализацин а гӀирс санна. Йуьхьанца проектан цӀе яра Betawiki, хӀинцалера цӀе translatewiki.net елира 2009 шеран йуьххьехь, сайт шен доменан хостинге дӀайахийтинчул тӀаьхьа 2007 шеран 9 ноябрехь 2007 шеран октябрехь translatewiki.net локализаци йеш йара was2000 locali21000 июнь меттанаш. Меттанийн терахь алсамдалар гуш ду леррина таблица чохь, цу тӀехь хаамаш бу МедиаВикин гочдарийн кхиамех лаьцна. 2010 шеран январехь оьшура серверан болх совбаккха, алсамйаьллачу жигараллица къийсам латто. Netcup дикачу агӀор дӀахьош йу translatewiki.net 2007 шеран ноябрехь дуьйна.

Кхин а маьрша а, йиллина а йуьхьанцара кодан проекташ жим-жима тӀетоьхна translatewiki.net сайтан тӀе, дӀадолийра FreeCol проектца 2007 шеран августехь. 2010 шеран июнехь гӀоьналлин проектийн дукхалла хьаладаьлла 16 кхаччалц, ткъа 2019 шеран декабрехь 46 кхаьчна.

translatewiki.net сайтан тӀехь болх беш берш дукхахберш лаамехь болх беш бу, цхьа белхахо воцург. Кечдархой а, администраторш а, гочдархой а йуьхьанца дӀаэцна бара MediaWiki проекташкара, уггар хьалха Викимедиа проекташкара. Вайн дукхахболу декъашхой хӀинца а MediaWiki чухула богӀу, амма алсамбовлуш бу кхечу проекташкара нах. МедиаВики кхин бен йац гочдархойн хьоста. 2010-чу шеран июнь тӀекхачале регистраци йина гочдархо вара 1860 стаг. 2018-чу шеран июнехь сайтан тӀехь регистраци йина 19 эзар гочдархочо.

Stichting Open Progress а, FUDforum а цхьаьнаболхбарца translatewiki.net сайто вовшахтоьхна масех гочдаран къовсам, совгӀаташ а долуш, MediaWiki а, FUDforum а локализаци тойархьама.

translatewiki.net сайтан Ӏалашонаш йийцина йу «Довзийтар». Гочдархошна лерина техникин гӀирсаш technology агӀонан тӀехь буьйцу. И гӀирсаш хаддаза шорбеш, тобеш бу, гочдаран болх ма-хуьллу эвсара хилийтархьама. ХӀинцалера хьашташ а, кхиамаш а дуьйцу Phabricator сервисан агӀонан тӀехь.

Ахча латтор

  • translatewiki.net сайт шен серверш тӀехь шен чоьтах къинхетаме латтайо Netcup – webspace а, vServer а 2007 шеран ноябрехь дуьйна, серверан керланаш 2008 шеран февралехь, 2010 шеран январехь, 2013 шеран октябрехь, 2015 шеран июлехь а, 2019 шеран декабрехь а.
  • Stichting Open Progress наггахь финансаш ло гочдаран къовсамашна, МедиаВикин а, кхечу проектийн а локализаци тоярхьама, лакхахь ма-аллара.
  • 2012 шарахь Викимедиа фондан локализацин командо болх бира Translation UX проектан тӀехь. Проектан гурашкахь translatewiki.net цӀера агӀо а, гочдаран интерфейс а йуха хийцира — говзаллица кечйина, кхузаманан кепехь, декъашхоша теллина.
  • Никлас Лакстр (Niklas Laxström) а, Зибранд Мазланд (Siebrand Mazeland) а дакъалоцуш бу translatewiki.net кхуллуш, Викимедиа Фондехь шайн белхан декъехь.

Translatewiki.net тӀехьа лаьтта нах

Коьрта команда

Коьртачу командан декъашхоша денна бохург санна болх бо translatewiki.net сайтан тӀехь. Иштта, ницкъ ма-кхоччу кӀезиг гӀуллакхаш хиларх тешна а бу уьш. Кхин а информаци лаха хьажа тӀаьхьенан план тӀехь.

Оха баркалла боху хӀокху нахана, цара доккха дакъа лацарна:

Niklas Laxström
Кхоллархо, коьрта болх бен
Siebrand Mazeland
Йукъараллин менеджер, проектан координатор, кечдархо
Raimond Spekking
MediaWiki гочдаран импортхо, кечдархо

Иштта вай дозуш ду вайн йукъараллин кхечу декъашхойн балхаца:

  • Gangleri – Идеологин догдоуьйтург. Жигара вац(йац)
  • GerardM – Векал. ЗӀе латтора йукъараллица, блогаш лелорехь, StatusNet-ехь, Твиттерехь болх бина. Жигара вац(йац).
  • Ша-ша йолчу проекташкахь массо а контакташ
  • Массо а гочдархой а, кхиболу оцу проектан декъашхой а

Муха тхоьга йаздан деза

Хьан йиш йу хаам бита тхан коьртачу дийцарийн агӀонан тӀехь — ГӀоьналла. Нагахь санна хьуна гӀоле хета онлайн-къамел, тӀаккха хьажа тхан каналехь Telegram йа IRC #translatewiki — Libera.Chat тӀехь. Къаьсттина мехала бахьанашца (масала, къайленан хаттарш), хьан аьтто бу тхоьга электронан поштехула translatewiki@translatewiki.net йаздан.

  • Меттан леррина хаттарш гочдархошца дийцаре дан йиш йу билгалчу меттан порталан дийцарийн агӀонан тӀехь.
  • Къаьсттина проектца доьзна хаттарш дийцаре дан йиш йу цуьнан декъашхошца а, кечдархойн контакташца а проектан дийцаре даран агӀонан тӀехь.
  • Хьан йиш йу хаттарш дийцаре дан къаьстина цхьацца декъашхошца церан дийцарийн агӀонаш тӀехь, йа электронан поштехула (декъашхочун агӀонан агӀонан панелехь йолчу хьажорган тӀатаӀайе) нагахь санна цара хьуна бакъо йеллехь цаьрга электронан пошта дӀасайаржо.