Translating:Керла проект
Translatewiki.net — онлайн гочдаран платформа а, гочдархойн йукъаралла а йу.
Оха дӀахьо йуьззина урхалла деш йолу локализацин сервисаш маьхза а, йиллина а йуьхьанцара проекташна. Тхан сервисаш лелайан, керла проектан дехаран форма дӀакхачайе. Оха хьан дехар сихонца толлур ду, нагахь санна цхьа хийцамаш бан безаш белахь, хаам бийр бу хьуна. Цкъа тӀеийцича, оха дӀахӀоттор йу шуна гочдаран интеграци.
Хьуна кхаьчнарг
🌍 Дика дӀахӀоьттина гочдархойн йукъаралла. Тхан платформехь дозалла до эзарнаш гочдархойх, бӀеннаш меттанашкахь болх беш, тайп-тайпанчу маьрша а, схьайиллина а проекташкахь цхьаьнаболх беш. Нагахь санна шун хӀинцале а гочдархой белахь, оха кхойкху уьш тхан йукъаралле дӀакхета.
💻 Дукха функцеш йолу онлайн-гочдаран гӀирс: Тхан гочдаран интерфейс лело атта йу, амма ницкъ болуш йу, гочдаран иэс, машенан гочдар, цхьаьнаболхбаран хаамийн документаци, тешалла толлуш, дошамаш а, гочдаран талламийн гӀирсаш санна йолчу функцишца кечйина йу, цуо аьтто бо тхан гочдархойн дика болх бан.
🔄 Авто синхронизаци хьан версишна урхалла даран системица: Оха хаддаза импорт а, экспорт а йо гочдарш хьан луучу версина урхалла даран системе а, цу чуьра а, шайна йукъахь git, GitLab, GitHub, Gerrit а йолуш. Хьан дакъалацар кӀезиг ду, нагахь санна ахь дӀакхачо ца лаахь тардаран я цхьаьнатохаран дехарш, цу хьолехь хьуна оьшур ду и дехарш цхьаьнатоха.
🌐 I18n а, l10n а экспертиза: Тхан кечдархойн а, гочдархойн а шуьйра зеделларг ду интернационализацин (i18n) а, локализацин (l10n) а декъехь, тайп-тайпанчу меттанашкахь хьан программин болх лакхабаккха гӀо деш.
ХӀун ду вай хьоьжург
🔓 Маьрша а, йиллина а лицензи: Оха гӀо до проекташна йеккъа цхьана тӀеэцначу OSI лицензешца. Тхан гочдарш CC BY лицензица ду, хьан аьтто бу уьш хьайн проектана йукъадаха хьайн проектан лицензица.
🛠 Жигара Ӏалашйар: Тхан гочдархойн къинхьегаман мах алсамбаккхархьама, оха тӀедуьллу гочдарш лелочарна хаддаза (шарахь цкъа мукъане а, амма дика хир ду алсам) кхачо йолуш хилар а, хьан версишна урхалла даран системе лаххара а кварталехь цкъа интеграци йар а.
📞 ЗӀе: Хьан проекто билгалйаккха йеза зӀе йа вайна товш йолу зӀенан кеп, къаьсттина гочдаран синхронизацин хаттарш хилча. Тхо хьоьжу ахь тхуна хаам баре муьлхха а маьӀне хийцамаш хиларх лаьцна, масала, кхечу код кечйар дӀавахар йа проект дӀакъовлар.
🌎 Меттан массо а агӀор гӀоьналла: Хьан проекто гӀо дан деза Translationwiki.net сайтан тӀехь долчу массо а меттанашна, шайна йукъахь аьтту агӀор аьрру агӀор меттанаш а, чолхе абаташ йолу меттанаш а долуш. Йукъарадахарш тарло дикачу бахьанашца. Уггаре а атта проекташ йоцург, йерриге а меттан леррина дукхаллин терахьашна гӀо дан лерина йу.
📝 Хаамийн документаци: Гочдан йиш йолчу могӀанашна контекст латтор чӀогӀа мехала ду. Тхо хьоьжу ахь хьайн проектан гочдан йиш йолчу могӀанашна документаци дӀайаларе.
✅ Цхьаьнаболхбар: Тхо хьоьжу, тхан латточара а, гочдархоша а хаам бина проблемаш шен хеннахь дӀайахаре. ГӀалат нисдар сиха хила деза, амма кхеташ ду, чолхе проблема дӀайаккхар даима а аьтто ца хиларх.
Схьадехар кхочуш ца деш йолу проекташ дӀайаха тарло Translationwiki.net сайтан тӀера.
Самукъане дуй?
Хьан дехар чудала йиш йу, Wikimedia Phabricator тӀехь регистраци йина, керла проектан кеп дӀайазйеш.
Вайн гӀоьналлин агӀо. Цкъа хьалха, кечдархочун аккаунт кхолла («ХӀинца цхьадолу гочдарш тӀетоха йиш йац?» опцица) коьртачу агӀонан тӀехь, хьайн аккаунт тӀечӀагӀйаре хьажа , тӀаккха гӀоьналлин дехар кхолла.
Тхан гӀоьналлин агӀонан тӀехь иштта хьажорг йу тхан IRC а, Telegram а каналашна тӀе, дийна чатан а, гӀоьналлин а.