ДӀадолор
Next step | Дуьххьара болх |
---|
ДӀадолор
Кхузахь translatewiki.net сайтан тӀехь вай кхуллуш а, хаддаза тоеш а йу инфраструктура, йиллина кодаца проекташ а, маьрша хийца йиш йолу документаш а локализаци йан аьтто хилийтархьама. Вай гӀерта вайн коьртачу шина Ӏалашоне кхача.
Тхан коьрта Ӏалашо йу эффекталла. Процессан эвсаралла лакхайаккхархьама а, карладаккхаран хан лахйаран Ӏалашонца а тха гергарло лелош ду программин гӀирс кечбаран процессаца. Цул сов, тха гӀирсаш кечбо гочдарш кхочушдар автоматизаци йан. Цу гӀуллакхо гӀо до гочдархошна йеккъа цхьана уггаре а лакхара гочдарш кхолларна тӀе тидам бахийта.
Тхан шолгӀа Ӏалашо йу цхьаьнаболхбар. Йерриг система вики технологи тӀехь йина йу. MediaWiki — гӀарайаьлла вики-бух бу, цо бух ло цхьаьнаболхбаран йукъараллаш кхолла. Оха гочдархошна тӀедуьллу тайп-тайпанчу кепара вовшашна гӀо дан проектан дозанал а, меттан дуьхьалонашна а дехьа, ткъа иштта кечдархошна а, гочдархошна а йукъахь тӀай санна болх бан.
Программа хӀотто хаа ца оьшу. Нагахь санна шуна вики-программаш йевзаш йелахь, шу сиха Ӏемар ду translatewiki.net лело. Шуна оьшург меттанаш дика хаар а, веб-браузер а, дог-ойла йиллина хилар а ду.
translatewiki.net флагманан проект — MediaWiki — карарчу хенахь лелош йу 300 сов маттахь. translatewiki.net сайтан тӀе хӀора баттахь 100 сов маттахь карладахарш догӀу.