Translating:How to start/ce
Хьанна тӀера долу
- Кхолла аккаунт translatewiki.net сайт тӀехь
Уггар хьалха дӀадолош оьшу — аккаунт. Аккаунт кхолла цхьа минот ца кхоччуш хан йоккху. Иза оьшу, хьайна тӀехь болх бечу хӀуманна тӀехь терго латто йиш хилийта.
Ахь аккаунт кхоьллича, цхьа-ши тестан гочдар дан дехар дийр ду хьуна, меттанех бух болуш кхетам хиларх тешарна. ХӀорш болх беш долу гочдарш дац, зеделларг долчу декъашхойн ширачу гочдаршца бен дуьстина хир дац уьш, бакъболу хаамаш гочбан буьйлабалале. И бохург ду, ахь гочдина хаамаш рогӀерчу программин/сайтан карладаккхаршкахь лелор бу бохург!
Диса зӀенехь
Support, цигахь хаттар дан йиш йу, йа цхьа кхий хӀума кховдо.
Хьан интерфейсан меттан портал (масала, нохчийн Portal:ce) — коьрта меттиг йу, цигахь хьажа йиш йу меттан йукъараллин гӀуллакхех лаьцна информаци а, статистика а. Иштта цу меттан кхечу гочдархошца къамел дан а, терминологи йийцаре йан а, иштта дӀа кхин а меттиг йу иза.
Special:WebChat аьтто бо веб-браузерехула IRC чатца зӀе латто. IRC-хь кхин а гӀо каро йиш йу m:IRC агӀон тӀехь. Доцца аьлча, цу хенахь тхо жигара ду аьлла хеташ, translatewiki.net сайтан кечдархошца а, белхахошца а дийцаре дан йиш йу хьан.
Гоч долор
Цкъа хьуна гочдан бакъо йелча, чугӀо меттиг хир йу гочдаран гӀирс. Цу тӀехь дӀайазйина йу кхузахь йолу йерриге а лело йиш йолу хаамийн тобанаш. Дукхаха долу гочдарш деш ду оцу гӀирсан гӀоьнца, хьажа хьехам.
Иштта хьажа ахь гочдечу программин проектан агӀоне, цигахь мехала тӀедахкарш а, хьехамаш а хила тарло. Проектан агӀонаш уьйр йолуш йу гочдаран интерфейсан лакхахь гойтуш долчу доццачу дийцарехь.